Шеман къилбаседехьа тIеман операци юхадIайоло кийча ю Туркойчоь

Шема

Курдаш арабовла буьйлабелла Шеман къилбаседехьа йолчу кхерамазаллин зонера. Цунах лаьцна дIахьедар дина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Министро дагадаийтина туркойн армино а, курдийн тIеман тобанаша а герзаш деттар сацош динчу маслаIатан хан чекхйолуш хилар 35 сахьт даьлча. И хан дIаяьллачул тIаьхьа тIеман операци юхадIайоло кийча ю Туркойчоь.