Мехкадаьттан мехаш охьадовлуш ду

Дуьненаюкъарчу биржашкахь охьабовлуш бу мехкадаьттан мехаш. Иза гойтуш ду кхаарин дийнахь хиллачу махбаран жамIаш.

ГIуран-баттахь дIакхачор долчу (фьючерс) WTI (West Texas Intermediate) маркан мехкадаьтта механа дайделла 0,77%. ХIинца цунах ло $54,06 цхьана черманах.

ГIуран-баттахь дIакхачор долчу Brent (Brent Blend) маркин фьючерсийн мах охьабаьлла 0,47%. Цуьнан мах бу хIинца $59,42 цхьана черманах.