Германино алсамдаьккхина тховкIело йоьху нохчий Оьрсийчу дIахьежор

Архивера сурт

Германера Оьрсийчу дIахьежочу нохчийн мухIажарийн терахь хаъала алсамдаьлла хиларх лаьцна хаам бо немцойн Tagesspiegel газето, федералан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш.

2017-чу шарахь Оьрсийчу дIахьажийнера 184 политикан тховкIело йоьху Нохчийчоьнан вахархо. 2018-чу шарахь цу нехан терахь дара 422, ткъа хIара шо доладелчхьана Германино цIахьажийна 277 нохчо.

2019-чу шеран 8 баттахь Германин миграцин урхалло листина 2613 нохчочуьнан дехар. Царах 99 стаг бен ца лерина Iедалан векалша мухIажиран статус яла хьакъ долуш,