Гадаев Мохьмад-Салахь. Даймахке сатийсар

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. Даймахке сатийсар



Гадаев Мохьмад-Салахь

Даймахке сатийсар

Чурт санна, лаьтта со
ГIум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг тоьхча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо.

Малх, буза бегийна,
регIа лахбелча,
Суьйре а, даш санна,
сайна язъелча,
Ойлане дарц даьлла,
со айъавелча,
Даймахка вуссу со,
Язал Жалала *.

Бераллехь хьийзинчу
даккъашка вуссий,
Лаьмнашка, арешка
гIийла бIаьрг кхуссий,
ХIиттинчу бIаьргаш чу
сирла хиш дуссий,
Даймахке хьоьжу со,
Язал Жалала.

Тезетехь техкаш го
вайн бошмаш, хьаннаш,
ГIайгIанех юьзна го
тогIенаш, Iаннаш,
Дайн кешнаш доьхначохь
упханийн аннаш
Хьулдан да воцуш го,
Язал Жалала.

Вай дина ярташ го
тишъелла, гIийла,
Го сирла шовданаш
дай боцуш мийла,
Вайн хьомсар ков-керташ,
каш санна, шийла,
Сов ирча карайо,
Язал Жалала.

ТIаккха со, дог духий,
аьрцнашка волу,
Iийжачу кийрара
мохь-цIогIа долу,
Яьссачу тогIеша
соьца мохь олу,
Iадавой, воьрзу со,
Язал Жалала.

Чурт санна, лаьтта со
ГIум-Азин арахь,
Тянь-Шанан лаьмнашка
бIаьрг кхетча, кийрахь
Генарчу Даймехкан
сурт хIоттало,
Малхбузе мел хьийжи,
дог Iийжадо.
---------------------
* Iаьрбийн маттара "ХIай Сийлаллин Да" (يا ذا الجلال) Сурат ар-Рахьман [55:27]