Гадаев Мохьмад-Салахь. РегIара поп

Гадаев Мохьмад-Салахь

РегIара поп

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. РегIара поп


Наьрт санна, лаьтта и,
Стигала кхийдаш,
Ондий шен орамаш
РегIах дIатесна.

Хийламмо бIаьрг тоьхна
Генара цуьнга,
Хийла кIел лахвелла,
СадаIа сецна.

Шена кIел лахвелла,
Арене хьаьжча,
Аренан майдане
Хьежаво цо.

Арен тIе ваьлла, ахь
Шега бIаьрг тоьхча,
Шена тIеийзавеш,
Хьийзаво цо.

Гена мел валарх а,
Гуш лаьтта суна
ЛегIинчу регIара
Зоьртала поп.

Даима лерехь ду
Цунна тIехь дека
Буьйсанан олхазар –
Декъаза чIоб.

Дарц дала кхоьлина,
Сарахь мох хьаькхча,
«Дов-в-в!» – олий,
Мохь болий,
Тохало и.

Iуьйренца малх кхетта,
Iаламехь екхча,
Аз доцуш, тапъолий,
БогIало и
Дерриг а Iаламан
Исбаьхьа суьрташ
Шен хазчу суьрта чохь
Лепадо цо.

БIаьстенца сенлуш а,
Гурахь мажлуш а,
Шега мел хьаьжна бIарг
Белабо цо.

Наьрт санна, лаьтта и,
ТIамарш яржийна,
«Схьавола!» – бохуш, цо
ДIаийзаво.

Шена кIел лахвелла,
Шега ладоьгIча,
«Дов-в-в!» – бохуш, арен тIе
ДIахьежаво.