Чарташа а дуьйцу...

Your browser doesn’t support HTML5

Дуккха а шераш ду историка Мутусханов Ислама нохчийн ярташкарчу ширачу кешнашкара чарташ толлу. Кху деношкахь Итон-Кхелан масех эвлахь: Медехь а, Хьуьркахь а, Кейштарахь а хилира иза. Цигарчу кешнаша гойту бахархой оцу меттигашка баха хевшина вуно дукха зама хилар. Ислама болийна болх мехала а хеташ, цунна улло бевллера дуккха а бахархой.