Нохчийчохь 21 бер дийна некъан хьовзамашкахь тIаьхьарчу 5 шарахь

Гайтаман сурт

ТIаьхьарчу 5 шарахь 12 шо кхачанза долу 21 бер дийна Нохчийчохь некъан хьовзамашкахь, кхин а 86 лазийна. Цу гайтамца 74-чу меттехь ю республика ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, хаам бо "Priority" (Приоритет) олучу бераш машенахь дIаcадуьгуш лело гIаьнташ дечу ассоциацино.

Цо бинчу талламца а догIуш, уггар дукха бераш дайина юьйцучу хеначохь Краснодаран махкахь - 85, лазийначу берийн терахь ду 1301. ШолгIачу а, кхоалгIачу а меттехь ю Москва а, Москван кIошт а.

Дерриг а 2014 шарахь дуьйна Оьрсийчохь хиллачу некъан хьовзамашкахь лазийна 36 212 бер. Царах кхелхина - 1379.