Нохчийн министро Ибрагимовс дийцина, "аферисташна электрошокерш а кIезиг ю" ша хIунда яздира

Ибрагимов Iийса

Нохчийчуьрчу Iедалехь кегийрхойн гIуллакхашкахула министр волчу Ибрагимов Iийсас дийцина ша хIун ала гIерташ вара "аферисташна электрошокерш а кIезиг ю" аьлла ша яздечу хенахь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Кху беттан 3-чу дийнахь къоначу министро цу тайпа комментари йитинера ЧГТРК "Грозный" телеканалан белхахочо Ахмадов Чингиза, зударий сийсаз беш, электрошокерца ток а етташ уьш хьийзийначу Соьлж-ГIалан мэр хиллачу Кадыров Исламца Instagram-хь дIаяьхьначу эфирана кIеллахь.

Кху беттан 11-чу дийнахь шен Instagram-хь эфир дIахьочу Ибрагимовга Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттира, дог дохийний хьан, ахь нахана ницкъ бар бакъдо бохуш, прессехь яздаро аьлла.

Ибрагимов Iийса

"ХIа-хIа, дог ца дохийра сан. Ницкъ бар бакъ ца до ас. Амма аферисташ а къобал ца бо ас. Цара лелочух бала хьоьгуш бу динна доьзалш. Сан накъостана зен хилла царгара", – жоп делла Iедалан декъашхочо.

Ша йина комментари дIасаяржош а, цо ма аллара, шена боьха хIуманаш яздеш а" болчу нахана кхерам тесна министро, шена реза ца хилар юьхьдуьххьала ала шега аьлла.