Maybach - Темрезовна

Загидова Марьям

Кхарачой-Чергазийчохь айдина дуьйцу Москварчу шайн векалто 50 000 соьмах Mercedes-Benz Maybach S 560 4Matic эцарх лаьцна. И хIун машен ю оццул йорах еана, мила ву цуьнан да?

«Аналитикан тергамча» ("Аналитический обозреватель") портало листина машенан кехаташ - иза эцарх долу документ а, паспорт а. Карийна оцу машенца некъан низамаш талхорна гIуданаш деттарх долу документаш а. Гойтуш ю хьостано ша и Maybach а.

Базарахь 11 миллион соьмах эцало Майбах. Амма кхунах делларг ду, йохк-эцаран кехато бахарехь, 220-зза кIезиг. Ткъа эцна иза Кхарачой-Чергазийчоьнан Москварчу векалто шайн мехкаден Темрезов Рашидан машенлелорхочуьнгара Тепляковгара.

А409МР97 ноьмар елла машенна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Москварчу некъан кхерамзаллин 8-чу центро. Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхошна бен луш яц ишта ноьмар.

Таллам бинчу, видеотергаман камершкара суьрташ довзийтинчу «Аналитикан тергамчин» журналиста Вахрушев Станислава дийцарехь, машен яьлла лела Термезов Москва веана воцчу хенахь а тIехь.

Масала, 2019-чу шеран Мангал-беттан 12-чу дийнахь Термезов Рашид шен махкаца цхьаьна Черкесскехь Оьрсийчоьнан де даздеш Iийна, амма Майбах, камерша ма-гайттара, Москварчу Аминьевски некъа тIехула йоьдуш ю буса 02:52 хан йолуш. 2019-чу шеран 10-чохь буса, 01:17 хан йолуш камершна «гина» и машен Рублевски некъа тIехула цхьаьнхьа хьадда йоьдуш. Черкесскера Москва веана хьаькам а воцуш, машен хехкалуш хааелла Вахрушевна лаххара а ткъазза.

Журналиста яздо: «Ца боху ас, Оьрсийчоьнан Федерацин субъектан куьйгалхочунна, ша Москва веача лело белхан машен ца оьшу. Амма белхан машен цунна иза цига веача бен хьашт яц-м боху. Стенна хоьхкуш ю и машен буьйса юкъахъяхча?».

Оцу хаттарна жоп луш, массех хаамийн гIирсо, шайлахь Къилбаседа Кавказера Telegram–каналаш а долуш, и Майбах республикан Москварчу векало, суьрташ, исбаьхьалла дукха езачу, уьш гойтучу меттигашкахула лелаш хуьлучу бизнес-вумена Гогова Мадинас шен цIера цхьацца хьашташ кхочуш деш хоьхку аьлла туьду. Видеокамерша гойту машен буса Москварчу еза туьканашна, ресторанашна хьалха сецаш.

Вахрушевс талламехь ма-гайттара, Термезовн Майбахна шина шера чохь некъан бакъо талхорна диттина гIуданаш ду 239 500 соьманна – Кхарачой-Чергазийчуьрчу, вала хIоьттина къахьоьгучу вахархочун шеран алапа ду иза.

Талламан авторо догдоху юьйцучу машено республиканна ден зен низамхоша тидаме эцаре. «Уггаре доьхнарг ду кхузахь – ас довзийтинарг мехкан куьйгалхошна «хIумма а доцург» хилар. ХIун ду Maybach Москван центрехь буса гича, иза ресторанашка, туьканашка юьгуш хилча? Шайн децIахь, республикехь, лаьтта къоьлла а ца гуш, шайна карадеанчу хьолах букъбелла хьийза хьаькамаш. Иза ду хьо цецвоккхург, кхерош дерг», - элира "Кавказ.Реалиига" Вахрушев Станислава.

Тергоне эцна материал Кхарачой-Чергазийчуьрчу журналисташа а. «Хаьий шуна, муьлхачу машенашца лела Тремезов цIахь? ГIагIадиллина Mersedes Benz S 600 а, Mersedes Benz GL 400 4 MATIC а ю цунна мехах лаьцна лелош» - яздина шен Instagram-агIонтIехь "Чёрный Куб КЧР" олучу аналитикан программин автора Биджиев Владимира.

Цо дийцарехь, мехкан куьйгалхочунна машенийн люкс-ковра латториг хIинцале дIаделла 1,5 миллион сом, ткъа оцу машенех «куьйгаш Iуьттуш» а, тоеш а дайина 12 миллион.

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочун администрацин агIор машенех лаьцна кхаьчна информаци яц "Кавказ.Реалиигахь". Ткъа Москварчу Кхарачой-Чергазийчоьнан векалто тхан корреспонденте элира, «и тайпа комментари Гогова Мадинас бен лур яц, ткъа иза йоьхуш цуьнга кехат язде. Жоп лур ду шуна 30 дийна чохь».