Банке ахча дуьллурш кIезиг бу Нохчийчохь

Юккъерчу барамехь схьаэцча, Оьрсийчоьнан бахархоша банкехь охьадуьллу 200 эзар сом, хаамбо "Новости" агенталло. Алсам ахчанаш охьадохкуш хиларца билгалъяьлла Москва – 822 эзар сом. ШолгIачу меттигехь ю Санкт-Петербург – 420, 6 эхар сом. КхоалгIачу могIарехь дIатаръелла Магаданан кIошт- 317, 8 эзар соьмаца.

КIеззиг ахчанаш ду банкехь Дагестанан а (22, 1), ГIалгIайчоьнан а (9,1), Нохчийчоьнан а (8,5 эзар сом) бахархойн.