ГIаттамхошлахь леллачу дагестанхочунна 13 шо хан тоьхна

Къилбаседанарчу тIеман кхело набахтехь даккха 12 шо хан кхайкхийна Дагестанера схьаваьллачу Вагабов Магомедэмина, гIаттамхойн тобанхошца цхьана лелла ву аьлла. Кхелан хаамца, 2014-чу шеран бIаьста шен лаамехь республикехь лелачу тIемалойх дIакхеттера иза, яздо ТАСС агенталло.

Стохка Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна вара Вагабов.