Гергара стаг вийна ша аьлла, Iедална тIевеана Карабулакера вахархо

Карабулакерчу полицин декъе вахна, шен гергара стаг вийна ша аьлла, мукIарло дина меттигерчу 66 шо долчу вахархочо, хаамбо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша. Карарчу беттан 22-чу дийнахь хилла ду зулам. Кхин дагахь хIума а доцуш, цIеххьана шаьшинна юкъахь дов иккхича вийра ша иза аьлла тIевеанчо.

ТIепаза вайначу 53 шо долчу Карабулакерчу вахархочун дакъа карийра полисхошна Юккъера-Ачалкхерчу Оскановн урамерчу цхьана цIа чохь. Бехкечунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна.