Ши шо хьалха Нохчийчохь вайнарг лохуш гIо доьху полисхоша

Вайна лору Махмудов Хьасан

Нохчийчуьрчу талламчаша дехар дина Волгоградерчу шайн белхан накъосташка, "Лада-Приора" машенахь дIавахна 32 шо долу Махмудов Хьасан лохуш гIо де аьлла.

"Волга-Каспий" хьостане регионерчу Талламан комитето хаамбарца, 2016-чу шеран Охан-беттан 3-чохь Шела кIоштарчу Гермчигара шен накъост волчуьра араваьлла, дIавахна иза. Цул тIаьхьа цхьанна а гина вац.

Лоьхучун тIехьаьжна 30-35 шо ду, 170-175 сантиметар лекха, Iаьржа месаш йолуш. Дехар до иза гинчаьрга, я иза волу меттиг хуучаьрга 8(8712) 62-41-33, я «02» телефонашкахула хааийтар аьлла бу талламчийн хаам.