"Левада-центр": Iедалан а, халкъан а хьежамаш цхьаьнабогIуш бац

Iедалхойн а, бахархойн а хьежамаш цхьаьна ца богIу аьлла хета Оьрсийчоьнан 72 процент бахархошна, "Левада-центран" зерашца. Халкъо кхобуш бу Iедалхой, амма къомаца бала бац церан аьлла хета 53 процент бахархошна. Халкъан лаамашка а ца хьуьйсуш, политикан сацамаш а, хийцамаш а шайна ма-хетта бо Iедалхоша аьлла, билгалдаьккхина 19 проценто.

Iалашонаш а, лаамаш а Iедалан а, къоман а даим хилла къаьсташ боху 16 проценто. "Ведомости" хьосте "Левада-центран" директоро билгалдаккхарца, Iедал пайден дац, цо халкъана букътоьхна аьлла хетар совдуьйлуш ду Оьрсийчоьнан бахархошлахь. Делахь а, боху цо, протесте бовла кийча бац бахархой, цундела шайн хьолах дIабоьлла уьш.