ФСБ: Украинана хаамаш гулбеш агент-зуда лаьцна

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь Украинан иччархошна информаци гулъеш зуда лаьцна шаьш аьлла, хаамбина ФСБ-но. Урхаллана тIе а тевжина, яздо цунах лаьцна "Новости" агенталло.

Севастополехь лаьцна ю зуда ша. Пачхьалкхна ямартваларца йолчу артиклехь бехкзуламан гIуллакх айдина цунна дуьхьал. Цхьаболчу хаамашца, Черноморскан флотехь болх беш ю лаьцнарг, зорбанашкахь цIе йоккхуш яц цуьнан. Цкъачунна оцу инцидентех Украинас цхьана а кепара комментари йина яц.

Дахначу кIирнах а дийца даьккхира, пачхьалкхна ямартваьллачу Къилбан тIеман гонашкарчу эпсарна Артыков Русланна дуьхьал а бехктакхаман гIуллакх долорах.