Буй-тIарица дIайирзина ГIалгIайчуьра самбон турнир

ГIалгIайчоь, Несарара мемориалан комплекс

ГIалгIайчохь самбон турнир дIайхьош дуккха а нах вовшахлетта спортан комплексехь. Цунах лаьцна хаам бо шен Telegram-каналехь Baza зорбан гIирсо. Вовшахтасадалар доладелла ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра спортхошна юкъахь.

Бахьана хIун хилла дуьйцуш дац, амма буй-тIарина юкъаозийна хилла шаьш самбох латархой а, хьажархой а, цхьаболчу хаамашца, тренерш а.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, конфликтан декъашхой сихха дIасабаха аьтто балла турнир дIайоьдучу спорткомплексан кхерамазаллин сервисан белхахойн.

ГIалгIайчоьнан спортан министралло бинчу хаамца, девнехь дакъалаьцначу нахана юкъахь лазийна а, низамаш лардон органаша жоьпе озийна а стаг вац.