7 дийнахь 15 стаг лазийна Нохчийчохь некъан хьовзамашкахь

Гайтаман сурт

Официалан хаамашца, кху тIаьххьарчу 7 дийнахь 8 некъан хьовзам хилла Нохчийчохь. Цу бохамашкахь лазийна 15 стаг, хаам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхин министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервиссо.

Болчу хаамца, тIаьххьара некъан инцидент хилла Нохчийчохь дехьалха Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштахь. Коперникан цIарахчу урамехь тIеттIакхетта ВАЗ ши машен. И бахьана долуш ши а машенлелорхо дIакхачийна республикан клиникан дарбанан цIийне.