ЦIеххьана цхьаъ хилча гIо деха "112" номер юкъайоккхуш ю Нохчийчохь

Гайтаман сурт

ЦIеххьана цхьаъ хилла каде гIо-накъосталла оьшуш меттг нисбелча гIо деха леррина "112" номер юкъайоккхуш ю Нохчийчохь. Цу хьокъехь сацам бина меттигерчу Iедало, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Керла система болх бан йолалур ю Нохчийчохь кху ГIуран-беттан 26-хь дуьйна. "112" телефонан номерх пайда оьцучу нехан аьтто хир бу каден сервисийн белхахой кхайкха, цIеххьана дагахь доццург нислахь.