Ахматова Раиса "Хьо соьга хьежалахь"

Your browser doesn’t support HTML5

Ахматова Раиса "Хьо соьга хьежалахь"

Ахматовa Раиса

****

«Хьо соьга хьежалахь –
Iалашбеш безам,
Хьо йолчу верзаре цIехьа!»
Йистхуьлу рагI яра
йоIехь, амма и
Хьаьжира дош доцуш кIанте.
Оьшуш а яцара
кIант тешо чIагIо,
ЦIеначу хьажарх и кхийти.
Поездо мохь туьйхи –
некъ юьхьарлоцуш,
ЙоIа дагчохь къуьйлуш
Берг санна,
ТIаьххьара ницкъ гулбеш
делийна бIаьрхиш,
Цо эли: «Некъ дика хуьлда!»