Юучунна уггар а дукха ахча дойучех ю ГIалгIайчоь

Рейтинг агенталлан зерашца, юучунна уггар дукха ахча дойучех ю ГIалгIайчоь – цхьана доьзало доккхучу ахчанах 60 процент кхачана хьажадо цара. Ах бохург санна ахча дIадоьду юучух Дагестанан бахархойн а.

КIезиг ахча хьажадо ГIезалойчоьнан бахархоша сурсаташна (22 %). Оццу тептарехь ю Ханты-Мансийск а, Москва а.