Европан кхеле бевлла гIалгIайн жигархой

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле гIалгIайн веа жигархочун цIарах латкъамбина бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Беков Мурата а, Барахоев Илеза а, ДзейтовгIара Вахас а, Руслана а арздина нийсонца дов хаттаран а, дешан маьршонан а шайн бакъонаш ларъеш яц аьлла.

Бакъонашларъяран центро бечу хаамца, Беков а, ДзейтовгIар а, Барахоев а ГIалгIайчоьнан Магасан майданахь хилла ву Заздоккху-беттан 27-чохь. Амма Iедалхоша митинг дIаяхъян пурба ца деллийла хиъначул тIаьхьа, уьш майданара дIабахна хиллера, яздо "Мемориало". Охан-баттахь полици бигина, хеттарш а дина, гIуданаш диттина хиллера царна 10, 20 эзар соьмана, къепе йохорна аьлла. Лакхарчу кхеле апелляци чуелча а ца туьйлира уьш.

Маршо Радионо яздира ГIалгIачуьрчу протестех. Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна резабоцчу бахархоша Заздоккху-баттахь митинг хIоттор бахьана долуш леца болийра гIалгIайн жигархой. Царех кхаанна хенаш кхайкхийна кху деношкахь. Железноводск гIалин кхело 1 шой, 4 буттий тоьхна Нальгиев Сайд-Мохьмадна, Гагиев Рамазанан биъ бутт баккха беза чохь, ткъа Томов Зеламхан 17 бутт хан кхайкхийна.

Уьш берриш а бехкебина Iедалан векалшна дуьхьало ярна.