Эрмалойн геноцидах тIеэцначу резолюцина тIе ца тов Трампан администраци

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессерчу Халкъан Векалийн Кхеташоно (The United States House of Representatives) Османийн имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла, тIеэцначу резолюцина тIе ца тайна Iамеркан президентан Трамп Дональдан администраци. Пачхьалкхан департаментехь дIахьедина, оцу заманан хиламаш "къизаллаш" яра аьлла ю шайн дог-ойла аьлла.

"Администрацин позици хьалхалерра ю, - пачхьалкхан департаментан официалан векалан Ортагус Морганан дешнаш далийна "Голос Америки" зорбан портало. - Тхан хьежамаш билгалбаьхна президента цунах лаьцна Охан-баттахь динчу дIахьедарехь".

Османан имперехь хилла зуламаш дагалоьцучу Охан-беттан 24-чохь Iамеркан президенто нах байар "къизалла" ю элира. "1915-гIа шо доладелчхьана 1,5 миллион эрмалошна депортаци йира, байира, Iадийра", - элира цо. Амма "геноцид" боху дош багах ца даьккхира.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенато кху беттан 12-чохь резолюци тIеийцира, эрмалошна тIехь динарг геноцид дара аьлла. ГIадужу-баттахь изза дира Конгрессан векалийн Палатас а.

Туркойчоьнан лаккхарчу тIегIан политикаша Конгрессан сацам емалбира. МаьIна доцу а, сий дойу а сацам бу иза элира туркойн президенто ЭрдогIан Реджепа. Сенатехула документ чекхдаьллачул тIаьхьа Туркойчоьно Хонкарара Iамеркан векал тIекхайкхира, шаьш реза доцийла дIахаийта.

Кеп-кепарчу зерашца, 1915-1916-чу а шерашкахь Османан империн дозан тIехь байина 1, 5 миллион гергга эрмалой. Царех дукхахберш Iедалхойн пурбанца хIаллакбира бохуш, чIагIдо талламчаша.

Туркойчоь дуьхьал ю дуьнено геноцид яра иза аьлла, тIеэцарна. Эрмалой пачхьалкхан политикан бехкашца белла бац, мацаллехь а, тIемашкахь а байина бу бохуш, къар ца ло уьш. Делахь а, дуьненчуьрчу 34 пачхьалкхо геноцид лору хилларг.