Дагестанан Iедалхоша дIахьедарш до шайн экономикан кхиамаш хиларх лаьцна, ткъа эксперташ духе ца кхуьуш бу
Your browser doesn’t support HTML5
Цхьана уьстагIна экспорт йича а ду иза экспорт яр
Дагестанера дуга оьцу Азербайджано а, ГIажарийчоьно а, Латвино а, Вьетнама а, Гуьржийчоьно а, Индино а, Израила а, хаамаш бо меттигерчу зорбан гIирсаша, яздо Кавказ.Реалиино. Ткъа Лахьанан-баттахь республикерчу юьртбахаман а, кхачанан а министралло а дIахьедар дира оццу пачхьалкхашка духкуш ду меттигерчу бахархойн а, ткъа иштта агроиндустрин комплексан а сурсаташ аьлла.
Цу министралло билгалдаккхарехь, дуьйцурш ду коьртачу декъана чIерий а, хIурдан сурсаташ а, жижиг а, уьстагIий а иштта дIа кхин а. Iедалхоша дуьйцург шеконаш кхуллуш ду, боху Оьрсийчоьнан Iилманан академин Дагестанерчу социалан а, экономикан а талламан Iилманан центран Институтан директоро, экономикан Iилманчо Дохолян Сергейс.
- ХIун чIерий а, хIордан сурсаташ а дуьйцурш? Хьан хьесапехь республикан таронаш юй иза дан?
- Бакъдерг дийцича, со цецваьлла ву, суна а хаа лаара муьлха хIордан сурсаташ ду дуьйцурш. Дагестано лоьцург а, кечйийриг а ю килька. Iаьмнийн бахамашкахь кхиош бу карп а, чабакх-чӀара а, кутум а. Иза ю ерриг а йолуш йолу ассортимент. Ткъа уггар коьртаниг ду, Дагестанехь цкъа а хилла цахилар оццул дукха чIара, цу тайпачу барамашкахь экспорт ян. Делахь а, цхьана килана экспорт йича а ду иза экспорт яр.
- Дика ду, Дагестан хьалхара меттиг йоккхуш ю уьстагIий лелорца. Цундела дохка аьтто бу уьш. Амма Дагестанехь шаьшна меттигерчу бахархошна а дазделла уьстагIан жижиг.
- Иза бакъ ду, халахеташ делахь а. Мехаш дазделла 30 процентана. УьстагIех дерг аьлча, тахана а къийсамаш бу дIахьош, республикехь 4-5 миллион уьстагI бу бохуш. Амма нийсса дIа йоьцу кепаш ю церан терахь къастош лело мегар йолуш. Масала, дожийлаш. Кхин а хаттар ду: луьсташ мичахь бу? Хьехочу уьстагIий терахьца богIуш уьш бац. Эксперташа дуьйцу, республикехь 1,5-2 миллион уьстагI хила мега бохуш. Экспорт ярца доьзна хьал дозуш ду дукхаллица. Дуьйцуш цхьа терахь ду, амма экспорте дIахьежочу уьстагIийн терахь кхин ду. Цундела юха а эр ду ас: цхьана уьстагIна экспорт йича а ду иза экспорт яр.
- Ткъа махкал арахьа духкуш хилча дуга дазлур ду аьлла хетий хьуна?
- Цкъачунна алалур дац соьгаг дуга дазделла я цаделла аьлла. Амма иза дазлур хилар гуш ду. Экспорт ечу сурсатан мах лакхара хуьлу чоьхьарчу базарахь болчул а. Иза хила а хилла уьстагIан жижигца.
- Делахь мичахь ю потенциал? Стенна экспорт ян мегар ду республико тIейоьгIучу хенахь?
- Суна гарехь, республика кийча яц цхьана а хIуманна экспорт ян. ХIунда аьлча иза ша а ю дуккха а хIуманна импорт еш. Кхачанан базарш юьзна ю оццу Азербайджанера а, ГIажарийчуьра а, Израилера а, Китайра а, Латинан Америкера а сурсатех. Чоьхьара сурсаташ арахецар лахделла. ХIинццалц вай лелош хилла помидораш а, кемш а, кхин долу юьртбахаман сурсаташ а кхиор лахделла, чубохьу стомаш а, хастоьмаш а механа борах хиларна.
Ткъа хIинца цIеххьана дуга экспорт ян къийса аьтто болуш дIахIоьттина бохучо цецвоккху. Цу кепара иза цIеххьана хьекъар шеко йолуш ду. Ткъа Дагестанан статистика шина а когана астагI хилар къайле яц. Цундела, баккъалла а долчу терахьца уьш тIечIагIбаллалц, ас сатухуш тIеоьцур бара цу бесса кхиамаш баьхна боху и хаамаш.