Махкара аравала дихкина нохчийн 16 эзар вахархочунна

Bailiff in the Basmanny District Court of Moscow

ТIехьарчийна тайп-тайпана декхарш хиларна 16 эзар сов вахархо ву Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, цхьацца гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дихкина царна доза хадор.

Оьрсийчоьнан Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца елла, я цхьаьннан могашаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а болх беш ду и дехкар.

Махкара арбовлалур бац и нах буьззинчу барамехь декхар дIадаллалц.