Санкт-Петербургехь бехачу нохчашца цхьанакхетта муфтий Межиев

Нохчийчоьнан муфтий, мехкан куьйгалхочун гIоьнча Межиев Салахь цхьанакхетта Санкт-Петербургехь бехачу махкахошца. "Грозный-информ" агенталло дийцарехь, нохчийн къоман ламасташ лардан Iалашонца вовшахтоьхна хилла и барам.

Нохчийчоьнан хиллачу президентех Кадыров Ахьмадах а, экстремизмна а, терроризмна а, наркоманина а, цигаьркаш ийзарна а, къаьркъанаш мийларна а дуьхьал латточу профилактикех а дийцина, дирзина цхьанакхетар, яздо агенталло.