Машенах цIеяьлла ши стаг вагийна Нохчийчохь

Гайтаман сурт

Машенах цIеялар бахьана долуш ши стаг вагийна Нохчийчохь, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан зорбан сервисо.

И бохам хилла Хьалха-МартантIерчу ГIойтIахь. Меттигерчу вахархочун кертахь лаьттачу машенах цIеяьлла вагийна 33 шо долу Соьлж-ГIалара вахархо а, 34 шо долу цу эвлара вахархо а.

ЦIе сихха дIаяйа аьтто баьлла орцахбевллачу нехан. Вагийна ши дархо охьавиллина Соьлж-ГIаларчу №1 йолчу дарбанан цIийне.