Норильскера прокурор Гутаев чувоьллина 2 баттана

Норильск

Кхаъ эцнарна шеко йолуш лаьцна Норсильск гIалан прокуроран декхарш кхочушдархо Гутаев Хаваж-Бауди чувоьллина 2-на баттана. Цунах лаьцна хаам бо Красноярскан мехкан кхелан зорбан сервисо.

Норильскан гIалан суьдо талламан изоляторе хьажийна Гутаев 2020-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийне кхаччалц. Цунна даьхьал кхаъ эцарна талла долийна бехктакхаман гIуллакх. ГIуран-беттан 25-чу Iуьйранна иза лецира ФСБ-н белхахоша.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, прокурорах шеко йолуш бу цо маситтоза кхаъ эцна хиларна. РогIера кхаъ схьаоьцуш иза лаьцна, карахь ахча а долуш.

"Интерфаксо" яздарехь, Гутаев Хаваж-Бауди цIера Нохчийчуьра ву. Иза вина Шелахь 1987-чу шарахь. 2010-чу шарахь дуьйна иза болх беш хилла Нохчийчьурчу прокуратурехь.