Боцу бехк тIелацийта гIерташ стагана йиттина полисхо лаьцна Хасавюьртахь

Гайтаман сурт

Хасавюьртан гIалин кхело талламан изоляторна чуволла сацам бина полицин белхахо Магомедов Юсуп. Иза а цуьнан белхан накъост Сулйманов Рамзан а бехке веш ву Муцалаулан вахархочун Алиев Мусана еттарна. Алиевна ницкъ бина полисхоша, цо дийцарехь, 13-шо долу шен лулахо хьийзор цуьнга тIелацийта гIерташ.

Хьалхо кхело сацам бинера Магомедов лаьцна цIахь вита мегар ду аьлла. И сацам хийцина прокуроро а, эшам хиллачу Алиевн адвокато а латкъам бар бахьана долуш. Цара чIагIдора деза зулам дина полисхо цIахь витахь, ша Iедалан белхахо хиларх пайда а эцна, Алиевн гергарчарна Iаткъам бан мега цо бохуш.