Шен къоман машен йина Туркойчоьно

Туркойн къоман хьалхарчу машенна уллехь ву президент Эрдоган Реджеп

Туркоьйчоьнан президенто Эрдоган Реджепа гайтина журналисташна шайн махкахь йина хьалхара къоман автомашен. Иза ю тоькаца лела TOGG цIе йолу кроссовер.

Иза юхкуш хир ю шина тайпана, моторан ницкъ а, моторийн терахье хьаьжжина.

Аvtonovostidnya.ru сайто дийцарехь, 200-ницкъ болу мотор йолчу машено 100 километр соьхьтехь сихалла оьцур ю 7,6 секундехь. Ткъа 400-ницкъ болу машено изза сихалла оьцур ю 4,8 секундехь.

Шина версин машенаш цкъа ток схьаэцча некъ бан аьтто хир бу 500 гергга километр. Ткъа 200-300 километр некъ бан ток юза аьтто хир бу цуьнан 30 минотехь.

Туркойн машенаш заводашкахь арахеца йолор ю 2021-чу шарахь.