Дагестанехь кафехь шина зудчунна йиттина 49 шо долчу стага

Дагестан, Каспийск

Дагестанехь шина зудчунна еттарна бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу прокуратуро Хайми эвларчу 49 шо долчу вахархочун дуьхьал. Зулам дина цо Каспийск гIаларчу цхьана кафехь.

Зударшца дар-дацара хиллачу стага буйнаш бетташ тIелатар дина 51, 54 шераш долчу шина зудчун. Лазийна и шиъ охьайиллина ю гIалан дарбанан цIийне, хаам бо "Регион онлайн" зорбан гIирсо.