Европан кхело листа тарло Нохчийчохь шайна зенаш дарх долу «Iазапна духьалоечу комитетерчу» юристийн арз

Гайтаман сурт

Страсбургерчу Европан кхело ша тидаме оьцийла хаийтина Нохчийчохь 2010-чу шарахь цхьа а бахьана доцуш шен кхо белхахо лаьцна кхабарх «Iазапна дуьхьалоечу комитето» чуделла арз.

"2010-чу шарахь оцу хиламна тIера дIадолийра Нохчийчохь тхан белхахошна дуьхьал зуламаш дар. Цул тIаьхьа кхерам боьссира Нохчийчуьрчу тхан массо а накъосташна тIе, дехьаяккха дийзира тхан тхешан офис а. Зуламаш таллаза дитина», - элира юкъараллин Къилбаседа Кавказерчу «Iазапна дуьхьалоечу комитетан» филиалан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

Страсбурго орзан хьокъехь Оьрсийчу хаттар хьажийна, хIун бакъо йолуш лецна хилла Нохчийчохь 2010-чу шарахь «Комитетан» белхахой, низамо кхачош йолу бакъо йитина хиллий хIетахь цаьргахь, аьлла.

2010-чу шеран Чиллан-беттан 7-чохь «Iазапна дуьхьалоечу комитетера» кхо юрист лаьцна (Егошин Дмитрий, Веретенников Роман, Садыков Владислав), Шеларчу полице вигира. Уьш лецначаралахь вара хIетахь цигарчу полицин декъан куьйгалхо Даудов Мохьмад а (таханлерчу Нохчийчоьнан парламентан спикер).

Шелан кIоштахь оцу муьрехь лачкъийна хиллачу цхьана вахархочух йолу информаци лур ю ша аьлла стаг ган бахначохь лийцира бакъоларъярхой-юристаш.