Ша кхечу дарже волу бохург бакъ ца до Кадыровс

Ша кхечу дарже хIоттаво бохург эладита ду, бакъ дац, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо «Грозный» телеканало.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Нохчийчуьрчу Iедалан сайто зорбане даьккхира Кадыровс ша «могуш воцчу юкъанна» шен декхарш премьере Хучиев Муслиме дIадаларх долу омра.

Кадыров дарба леладойтуш ву шена, хаамбира хIетахь мехкан куьйгалхочун пресс-гIоьнчас Керимов Iаьлвис. Ткъа оцу юкъанна «КIиранан аргументаш» портало даржийра, Оьрсийчоьнан президентан векал хир ву боху Кадыровх, аьлла.

«Сан бац, цкъа а ца хилла лаам республикера араваьлла болх бан, республика дIатаса, я дац соьга кхин дарж кховдийна а», - дIахьедина Кадыровс мехкан министрийн кабинетан кхеташонехь.