Кхело кхузза бакъвина талламо ши стаг верна бехкевийриг

Дагестанан Лакхарчу кхело вердикт тIеэцна ши стаг верна, герз лелорна талламо бехкевен Сергокалан кIоштара Магомедшапиев Султан бакъвеш.

2013-чу шарахь некъаца лаьттачу кафе чохь, шена бевзаш боцчу нехан тойнах а кхетта, хан юкъайолале, цаьрца дов а эккхийтина, тапча етташ ши стаг вийна, кхоалгIаниг вен а гIиртина Магомедшапиев, боху талламо.

Цо кхоалгIачунна хьажийна тапча ца яьлла, сакъоьруш Iечара иза эццахь лаьцна, боху талламчийн тоьшаллаша.

Дов шозза теллина бехккъасторхойн коллегеша – 2015-чуй, 2017-чуй шерашкахь. Шоззе а бакъвина Магомедшапиев Султан. Амма къобал ца бира тIаьххьара сацам Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело – керлачу бехккъасторхошка юхалистийта хьажийра дов.

Амма Дагестанан Лакхарчу кхело а бина махкарчу кхечу шина кхело бинна сацам: «Вац Магомедшапиев зуламхо».

"Хуьлуш ду иштаниг. Бехккъасторхой декъахь а болуш, луьстучу девнашна шеггара сацам бойла ца хуьлу кхелахочун. Цара вердикт тIеэцна, стаг бакъвеш велахь, кхин некъ ца буьсу тхуна», - жоп делира «Кавказ.Реалиина» кхузза стаг бехказваккхарх лаьцна шега динчу хаттарна Дагестанан Лакхарчу кхелан пресс-гIоьнчалло.