Гацаев СаьIид. Йишига.

Your browser doesn’t support HTML5

Гацаев СаьIид. Йишига.

Йишига.
Гацаев СаьIид

Хьуна-м гина сийна баьллаш
Вайн цIахь, уьйтIахь, лаьттина.
Хьоьга санна, цаьрга меллаш
Ас маршалла хиттина.

Хаза яра уьш, цхьа эсал,
Елаелла даггара.
Амма дада иза осал
Хетаделла хиллера.

Диг а эцна, дIа тIевахна,
Хьашт дац! – аьлла, – IиндагIаш,
Ткъес а доцуш, малхехь тоьхна,
ГIийла хьаьвзи боллан гIаш.

Со ца Iелуш, вилхи тIаккха:
Сийна баьллаш яцара.
Дадас церан, эцца хьаькхна,
Кертан хьокхий дийгIира.

Иштта, шу а дIадай кестта
Цу вайн хазчу кертара.
Гiийла, гIийла со цхьаъ леста,
И талл санна, кетIара.