Гацаев СаьIид. Хаза хуьлу...

Гацаев СаьIид

***

Хаза хуьлу, нуьре лестий,
Заза даьлла мерза хан…
ДІаяха сан сийна бІаьсте,
Сан жималла дІаяха.

И ца лаьтташ хилла иштта-
Ойла мерза, цІазаме.
Яьгна ели Іуьйре тхишлахь,
Екхна ели безаме.

Кхин ду хІинца дагчу леташ,
ХІокху денойх хьаьжча чекх:
Малх го стиглахь лохха кхеташ,
Вохуш таьІна, шийлаче.

Хьанна еза Іаьржа буьйса?
Хьанна еза мохан шок?
Юха, алий, са ма тийса,
Кхин е хІинца Іалашо.

Цкъа дІадаьлларг, юха ца го.
Цунна ду и байттамал.
ГІайгІане ша охьаэго,
ХІун ду стеган кхетамал?

Цкъацкъа, оццул вон а хилла,
Хабар дуьйцу кІоршаме, -
Айхьа эриг, мерза ала,
Хаза хила хьайн дашехь.

Цунна ву со иштта эсал,
Велавелла даггара:
Стеган вахар-марзо эццал,
Марзо яллал шегара.