Стаг Iедална хьалха къарвеш йоху видеош къобал ца йо Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдурашида нийса дац аьлла шен хьукматерчу пресс-гIоьнчаллин белхахошка, некъан бакъо йохийначу машенлелорхойх видеош а йохуш, яржа а еш, уьш юьхьIаьржа хIитта декхаребар. Оцу хьокъехь хаамбо "Кавказский узел" газето.

"Кавказ.Реалиино" яздира Дагестанан полицино кху беттан 12-чу дийнахь Хасу-Юьртахь хиллачу некъахьовзамах видео яккхарх лаьцна. Машенлелорхочунна гIуда тохарал а совнах, Iедалхошка шена къинтIера бовлар доьхуш гайтира иза.

Камераш тIе а хьовсийна, къамеле воккху стаг шен лаамехь волуш хила веза нахала, аьлла министро.

"Шена нах къинтIера баха лууш волчу стагна яла еза и бакъо, амма иза хила беза цо шен лаамехь бина къастам. Шегара даьллачунна нах къинтIера бахар ша вон хIума дац, амма ницкъаша мегар дац цуьнгара «бехказалла схьаийзон», - билгалдаьккхина Магомедовс.

Министра дихкина шен белхахошна нахера лаамза «камерашна хьалха белхарш» даха. «Низам дохорах, я зулам дарх, адам дуьсу адам, цуьнга ларам хила беза масо а хьелашкахь», аьлла Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра.