Германин къилба-малхбезерчу декъехь йолчу Рот-ам-Зе гIалахь наханна герзаш диттина цкъачунна вевзаш воцучо. Бу белларш а, лазийнарш а. Ишта хаам баржийна меттигерчу полицино.
Прессо бахарехь, ялх стаг ву вийнарг.
Герз диттинарг а, цо байинарш а, лазийнарш а вовшашна бевза нах бу, хьосташа дийцарехь.
⚠️POLIZEIEINSATZ⚠️Die Polizei und die Rettungdienste sind derzeit mit starken Kräften in #RotAmSee im Einsatz. pic.twitter.com/j6Fb0fHH15
— Polizei Aalen (@PolizeiAalen) January 24, 2020
Нах байинарг лаьцна, амма йовзийтаза ю полицино цIуьнан цIе.