"ШайтIанаша" яздийриг тергал ма де аьлла Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коллегехь дакъалаьцначу Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана юха а дIахьедина, "эладитанаш даржориг- лоьмар 1 йолу мостагI ву" аьлла.

"Муьлш бу царна и эладитанаш даржош гIо дийраш? Нохчий. Вешан регионехь кхерамзаллех а, къепех а жоп дала дезарш вай ду. И хабарш а, эладитанаш а даржош болу нах гучубаха беза", - аьлла, тIедожийна Кадыровс чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна.

Нах байна шайн аьлла, гIовгIа гIатточу наха "шайн наркоманашна тIехь терго латто еза" аьлла, хьехна куьйгалхочо.

"Бакъонан пачхьалкхехь – Оьрсийчохь дехаш ду вай. Низамаш а, конституци а ю вайн. Вай дохош низам дац. Стаг тIе а кхойкхий, цуьнца цхьана шина сахьтехь къамелаш до, дIалаьцна иза олий, орца доккху. Пятигорске а вахана, масех молха а молий, меттаваллалц цигахь лечкъина а Iай, шен цIа вогIу цхьаъ. Ткъа оцу юкъанна массара а яздо, лачкъийна, вийна, вигина бохуш. Тхуна бехкаш а ца дохкуш, шайн наркоманаш шаьш ларбейша", - боху Кадыровс.

Кхи дIа дечу къамелехь Кадыровс бехкаш дохку журналисташна а, бакъонашларъярхошна а.

"Цара дуьйцур а ду, яздийр а ду, тергал ма бейша уьш - цара бохург кар-кара оьцуш, дийца а ма дийца. Суна шайтIанаш хета уьш - эхь-бехк доцуш, дин доцуш. Вайна дика хаьа вешан къомана оьшург а, церан дуьхьа дан дезарг а. Ткъа царна оьшург: токхо, кхерамзалла, маршо. Вай бертахь даха деза, цхьа дикачу доьзалехь санна", - аьлла Кадыровс.