Кадыров Рамзанан гIоьнча хилла Цицулаев дIахецна Москван кхело

Москва гIалин кхело дIахецна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хилла Цицулаев Рамзан, хаам бо pravda.com сайто. Иза лаьцнера Украинин кхерамазаллин сервисо 2017-чу шарахь. Оццу шарахь ГIадужу-баттахь Цицулаев дIавелира Оьрсийчоьне.

Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла вара иза.

2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. 2017-чу шарахь дуьйна Москохарчу СИЗО-хь латтош вара Цицулаев.

Чиллан-беттан 7-хь Москвахь хиллачу кхелан кхеташонехь суьдхо реза ца хилира кхин дIа а и стаг талламан изоляторехь латто. "Кавказский Узело" бинчу хаамца, Цицулаев дIавахана Нохчийчу.