Соьлжа-гIалин мэр къастош конкурс кхайкхийна

Соьлжа-гIалин мэри

Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан администрацин куьйгалле дехьаваьккхинчу Закриев ИбрехIиман метта шахьаран мэр къастош конкурс дIакхайкхийна шинарин сарахь Соьлжа-гIаларчу думан депутаташа. Цкъачунна мэран декхарш ханна кхочудийр ду мэран гIовс лаьттинчу Хаджимурадов Iийсас. Соьлжа-гIалин думан куьйгалхочо Закриев Заура шен Инстаграмерчу агIон тIехь яздина: "Соьлжа-гIалин мэр хоржуш конкурс кхайкхо лаам хиларца проект тIеэцна оха" аьлла. Кхи совъяьккхина къовсамах лаьцна информаци яц мэрин а, гIалин думан а сайтехь зорбане яьккхина.

Ханна мэран декхарш кхочушдан хаийна Хаджимурадов Iийса 2019-чу шарахь хаьржира мэран гIовс. Цул хьалха Нохчийчоьнан арахьарчу зIенийн департаментан урхаллехь вара иза, ишта республикан депутат а цхьана.