Гацаев СаьIид. Цхьаъ велош йогIу хьо...

Your browser doesn’t support HTML5

Гацаев СаьIид. Цхьаъ велхош йогIу хьо...

Гацаев СаьIид

***

Цхьаъ велош йогIу хьо,
Цхьаъ велхош йогIу хьо,
Цхьаъ велош гIур ю хьо,
Цхьаъ велхош гIур ю хьо,
Там, цатам – шиъэ а
ТIебахьаш йогIу,
Там, цатам – шиъэ а
ТIебахьаш гIур ю.

Мел дукха еза хьо
Кийрарчу дагна
Цу Iаьнан шелонехь
Хьан малхах хьегна,
Цу Iаьнан дорцалахь
Баце сатийсина,
ХIинццалац эцаза
Марзонаш йиссина.

Маржа яI, бIаьсте, хьо
Мел хаза йогIу,
Маржа яI, бIаьсте, хьо
Мел хаза йоьду,
Кийрара дог доьлуш
Мел хаза йогIу,
Кийрара дог доьлуш
Мел хаза йоьду.

Со валарх, со виссарх
Ахь эшарш лекха,
Со валарх, со виссарх
Нуьре кIеж тийса,
Зевнечу маьхьаршца
Iуьйре самъяккха,
Сан дог мел делхарах
Кхин дегнаш хьеста.