Гацаев СаьIид. Къонахашка

Your browser doesn’t support HTML5

Гацаев СаьIид. Къонахашка


Гацаев СаьIид

КЪОНАХАШКА

Къонахий, къонахий,
Стогалла ма йохка,
Къонахий, къонахий,
Цхьаъ хила Іай, аьхка.

Цхьаъ хила дорцехь а,
Хьоькхучу мохехь а,
Шаьш цІаро марцахь а,
Харцоно лацахь а.

Цхьаъ хила безамехь,
Цхьаъ хила тешамехь,
Цхьаъ хила хьовзамехь,
Цхьаъ хила эшамехь.

Цхьаъ хила къовсамехь,
Цхьаъ хила ловзарехь,
Вайн нохчийн хІусамехь
Оьзда гуо хьовзорехь.

Цхьаъ хила Іовжамехь,
Буьрсачу инзарехь.
Стогалла яц рожехь,
Стогалла – шен зилехь.

Къонахий, къонахий,
Стогаллех ма доха!
Къонахий, къонахий,
Дог хила шун довха!

Дог хила шелонехь,
Йовхонехь дог хила! –
Дахчало халонехь
И нохчийн бакъ гІиллакх.