"Мерседес" а, "Лада" а вовшахкхетта Нохчийчохь, цхьа стаг велла

Архивера сурт

«Мерседесах» кхеттачу «Лада Приорин" 30 шо долу да велла Теркйистерчу некъахьовзамехь, хаамбина оршоьтадийнахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-гIоьнчалло.

«Приори» чохь хилла пассажир а (иза зуда ю), «Мерседес» лелош хилла 25 шо долу Неврера вахархо а лазийна.

Полицино бахарехь, веллачу машенлелорхочо, шен йоцчу некъан асанна тIе а ваьлла, эккхийтина хьовзам. ЧIуьлга-Юьртара Лакха-Невре воьдуш хилла иза. ДIаваьлла бохам хиллачохь.