Я Кадыровс а, я Емельяненкос а ца довзийтина шайн спарриган жамI

ММА-латархочуьнца Емельяненко Александрца «Ахмат» клубехь спарринг дIаяьхьина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. Амма шиннах цхьаммо а ца хаийтина иза муха йирзина.

Оцу юкъанна, шиммо дIахьондолчу латаран жамIаш лардеш, букмейкерийн барамашка ахчанаш дохкуш хьийза хьовсархой саготта бу шайна спарринган жамIаш цадовзийтарна.

Ша Кадыровца дIаяьхьначу спарингах лаьцна хаамбинарг ву Емельяненко – цо цигахь даьккхина ши сурт хIоттийна шен Instagram канале оршоьтадийнахь. Амма ца яздина, мила тоьлла.

Дагадоуьйтуш. Дайначу шеран тIаьххьарчу беттан деношкахь Кадыровс шеца лата кхайкхира Емельяненко. Цунна жоп луш, Оьрсийчоьнан боксан федерацин куьйгалхочо Кремлёв Iумара дIахьедира, ша кийча ву цушиннан латар вовшахтоха, аьлла.

Лата хьашт дац, хьийхира къовсаме ваьллачу шинна UFC чемпионан Нурмагомедов Хьабибан тренер а, да а волчу Нурмагомедов Iабдулманапа. «Рамзан Ахматович воьжна меттиг нислахь, муха ловр ду иза республико?» - элира Iабдулманапа.