Уфарчу депутато Романчева Юлияс бусулба дин тIеэцна (+видео)

Уфа гIалин депутат Романчева Юлия а, Алиев Юсуп а

Уфа гIалин депутато, бизнесхочо, "Диет-групп 2009" дуьххьара юкъаяьллачу аутсоринган компанин директоро Романчева Юлияс бусулба дин тIеэцна, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Нохчийчуьрчу Динан урхаллехь, муфтий Межив Салахь юкъахь а волуш, вовшахкхеттачу тобана хьалха шахIадат а далийна, Амалия цIе къобалйина Романчевас.

"Исламан динан хазаллех а, цIоналлех а дуьйцуш хезна дац Юлия Николаевнина, иза кест-кеста кхочу Нохчийчу. Дукхаезаш а, лоруш а стаг ю иза кхузахь, цо ден мехала гIуллакхаш бахьана долуш", - аьлла, хаамбина муфтиятан пресс-гIуллакххоша.

2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу 14 шо долчу иллиалархочун Алиев Юсупан видеоклип гинчул тIаьхьа, цунна тIехь Iуналла дан йолаелира Романчева.

Цхьаболчара пиар-акци ю, шена Кадыровгара са лоьхуш лелаш ю иза бохуш, бехкаш дохкушшехь, ша долийнарг дIа ца тосуш, кест-кеста Нохчийчу а йоьдуш, Юсупан боллу доьзална тIехь дола деш схьайогIу Романчева.

Маршо Радиона еллачу интервьюхь дуьйцу депутато Романчева Юлияс, ша цIенчу даггара лелаш хиларх а, нохчашка болчу безамах а.