ТIекхочийла долу линкаш

Уфарчу депутато Романчева Юлияс нохчийн кIентан Алиев Юсупан Iуналла дар тIелаьцначул тIаьхьа дуккха а дуьйцу социалан машанашкахь. Пиар-акци ю боху цхьана декъо, вукхара Кадыровна го бохуш ю боху.

Башкортостанеррчу Уфахь депутат лаьтта Романчева Юлия ца евзаш стаг хир вац Нохчийчохь.Тахана Гугл чохь цуьнан цIе язъйича схьало: "Романчева Юлияс доладан тIелаьцна нохчийн кIант", "Уфара депутат нана хIоьттина Алиев Юсупна" олий.

Ткъа мила ю Романчева Юлия?

Шина кIентан нана, Уфа гIалин депутат, бизнесхо, "Диет-групп 2009" дуьххьара юкъаяьллачу аутсоринган компанин директор.

Алиев Юсуп 14 шо кхаьчна кхиазхо, дукха жимчохь дуьйна дечиг-пондар караберзийна, цу тIехь иллеш олуш ву. Да бIаьрса дайна ву 30 шо хьалха дуьйна. Ловзаршкахь, синкъерамашкахь иллеш бохуш, доьзална напха латториг вара хIинццалц схьа Юсуп.

Дукха жимчохь дуьйна доьзал дIатекхо дукъ тIедоьжначу цуьнан школа а йита дийзира.

Ши бутт хьалха нана кхелхина Юсупан, хьех цIий кхетта. Оццу муьрехь хийцало кIентан дахар, ша туьйранехь санна.

Инстаграмерчу шен агIон тIехь лента луьстучу хенахь тIеIоттаелира Башкортостанера депутат Романчева Юсупан «Берзан кIеза» («Волчонок») илли олучу видеона.

Юсупан иллино а, цуьнгахь хааеллачу башхачу серлоно а кхачайо Романчева Соьлж-ГIала иза ган а, вовза а, гергарло таса а.

ХIетахь дуьйна, социалан машанашкахь кеп-кепара туьду генарчу махкара еанчу депутата, бизнесхочо яьккхина гIулч.

Цхьаболучара ша шена пиар ярхьама еана олуш, вукхара Кадыровна герга кхача гIерташ ю бохуш. КIезиг бацара цо лелорийг цIенчу даггара тIеоьцурш а.

Уфа гIалин кхеташонан депутатца, бизнесхочуьнца Романчева Юлияца зIе карийра Маршо Радиона.

Эха сахьтехь дIадахделлачу къамелехь цо дийцира, хIун Iалашонаш ю ша хьалхаяьхнарш а, Юсупна тIекхачархьама ша бинчу некъах а, нохчашца шен тасаделлачу гергарлонех а.

Иштта, дукхачинй шеконаш ястархьама дийца дийзира цуьнан цхьанхьа а ша хIинцалц арадаккхазчух а.

Интервью ехха хиларна а, оьрсийн маттахь нисъяларна, Маршо Радионо ма-дарра зорбане доккху хилла къамел.

- Цкъа делахь, ас сайн цIартIе, доладан схьаэцна вац Юсуп. ХIунда аьлча, иза буобер дац, цуьнан да ву, 30 шо хьалха дуьйна бIаьрса дайна велахь а. Йиъ йиша а ю цуьнан, церан шишша бер а ду. Уьш берриш а кхобуш верг цхьа Юсуп хилла. Школа а дIатесна хилла кIанта. И шайн боккхачу доьзална напха латторхьама дийнахь а, буса а ловзаргашкахь, синкъерамашкахь иллеш олуш, ахча доккхуш хилла Юсупа.

Ши бутт хьалха хьех цIий кхетта елла цуьнан нана. Юсуп вевзинчул тIаьхьа бен ца хиира суна нана кхалхарх.

Кху аьхка, Стигалкъекъа-бут бутт бовш хиллехь а, Мангал-бутт карабеача дара а ца хаьа суна, Инстаграмехь лента луьстучу хенахь дуьххьара бIаьрг тIе хIоьттира сан Юсупан роликна. ЭттIа коч а йоьхна, хьирчина месашца, вакъа а велла, жима, амма цхьа шатайпачу харизмаца илли олуш вара иза. Со хIетахь Уфахь яра. Нохчийчохь цкъа а хилла а яцара со.

- ТIаккха муха тасаделлера хьан дуьххьара нохчашца гергарло?

- Бакъдерг аьлча, Юсуп вовзале дуьйна а Инстаграмехь сан аккаунте язбелла бара дуккха а нохчий. ХIетахь дуьххьара Iалашо хилира сан Нохчийчуьра бераш кхайкха. Цхьа программа яра оха йолийна, со арахьарчу мехкашца экономикан зIенаш латточу комиссин куьйгалхочун гIовс яра. Нохчий къам девзича, лаам хилира сан Соьлж-ГIалица гергарлонаш таса, цигара бераш хьошалгIа а кхайкхина, тхайн махкарчу бахархошна дIагайта, Соьлж-ГIала шен цIаре терра буьрса цахилар а, цигара адамаш довхачу дегнашца, адам дезаш, машаре дуйла а гойтуш.

Дера тIамо цхьаболчу нехан кхетамехь цхьацца хетарш, моьттурш, стереотипаш ма йитина Нохчийчоьнах а, цу чохь дехачу къомах а.

Вуьшта аьлча, тхан кIезиг ма ду Нохчийчоьнах хаарш, цигахь лаьттинчу тIамех бакъдерг а ца хаьа, цундела "Нохчийчоь", "нохчийн къам" аьлча, нах къехкара.

13 бер далийра ас со йолчу, сайн хIусаме. Тоьллачу хьелашкахь пхи де даьккхира цара. Пикникаш йора ас царна, квадроциклаш тIехь хехкаболуьйтура, гIалин мэр волчу хьошалгIа бигира ас уьш.

Цхьа хаза, самукъане хан текхира оха. Аэропортехь со а йилхира, къаьстачу хенахь, церан бIаьргех а даьллера хи. "Баркалла хьуна, ирсах дуьзна хIара пхи де тхуна совгIатна деларна" бахара цара соьга, ас элира, хIан-хIа, ас шуна ца дина совгIат, аш со йина ирсе кху масех дийнахь.

Цхьа цIенчу дог-ойланца, дагахь хьоькхнаш йоцуш, дика Iамийна бераш дара уьш. Воккхачуьнца лараме, 13-15 шераш бен хенаш а яцара церан, амма кхиина бевллачу къонахийн санна дара церан гIиллакхе хилар.

Нохчийчоьне а, цу чохь дехачу халкъе а боккха безам гIаттийра сан оцу бераша.

Цул тIаьхьа дуьххьара гира суна Инстаграмехь хIоттийначу видео тIехь Юсуп. ТIехь оха дича санна дара цуьнан хатI, бIаьргашчохь сецна сингаттам, бала. Цхьа доггах олура цо шен илли, хIинца шлягер хилла дIахIоьттина долу «Берзан кIезан» илли дара и.

Ас лаха веза иза, суна каро а веза, ас цунна гIо дан а деза аьлла лаам хилира сан. Телефонаш дIасайиттира ас сайна бевзачаьргахула Юсуп лаха гIерташ, амма иза стенгахь веха а, кхоччуш цунах хаамаш бацара цхьангахь а. ТIаккха суо кеманца Соьлж-гIала кхечира со. Ши де тоьира суна иза каро.

- Социалан машанашкахь, хьайн Инстаграмерчу суьрташна бухахь дуккхаъчара дуьту йозанаш доьшуш хир ду ахь. Царех цхьаболчара пиар ю боху Юсупна гонах ахь гIаттийнарг, вукхара кIантах бахьана а дина, Кадыровна хьо герга гIерта яздо…

- ХIун эр ду ас пиарх лаьцна? Со пиар оьшуш стаг яц. Со Нохчийчоьнан парламентан депутат ян гIерташ яц, коммерцин интерес аьлча, цигахь бизнес а яц, ас лелорийг доло аьтто, таронаш яц, вуьшта аьлча. Ас юха а боху, тоаме яц сан дахарехь адамашца юкъаметтигаш.

Цундела нохчийн къоман векалехь, Юсупехь карийна суна сапаргIатдоккхийла. Нагахь санна, нах цунах кхеташ бацахь, совнах ду уьш тешо гIерташ, царна дуйнаш даар.

- Хьан хьайн кхи бераш дан а дуй?

- Сан ши кIант ву, шолгIаниг Юсупан хеннара ву. Ас хоьтту сайн берашка, садаIа стенга ваха лаьа шуьшинна, Мальдивашка гIой вай, олий. Ца лаьа, цигахь сингаттаме ду олий, жоп хазадо.

Винчу денна хIун совгIат дала лаьара хаьттича а, ца хаьа, хIуммаъ ца оьшу, тхошинна оьшуш мел ерг йолуш ю олу. Цара тамаш ца бо, царна доккха хIума а ца хета ас лелориг. Уьш дIабоьлла.

Ахча даккхархьама, ас дуккха а хан йойу, могушалла, нерваш, эмоцеш, цундела айса оццул дIалуш хилча, суна лаьа айса дийриг гойла а.

Муха ду хаьаий хьуна, нагахь хьо цхьа адам дезаш елахь, иза хьуна а иштта тIегIерташ дацахь, безам дIабов хан мел ели.

Ас дукха къахьоьгу. Сан бераш дуьзна ду, цундела ас дуккха а гIо латтадо сайн махкахь а, Нохчийчу гIиртина ца Iаш.

Дуккха а совгIаташ а дина суна, масала, кху шарахь а делла суна «Тоьлла меценат» совгIат.

- Юсупна хьуо тIекхаьчча хIун ойла хилира хьан?

- Юсуп сайна карийча, иза мара а воьллина, йилхира со. "Сан Дела, ма ирсе ю со", - аьлла хилира сан ойла. Теший хьо, сайн берийн бIаьргаш чохь ца гуш долу хазахетар го суна Юсупан бIаьргаш чохь, шена цхьаъ эцча.

ХIокху беро шен самукъадаларца, воккхаверца, ирсе гайтарца йоккхаейо со а.

Ас адамна цхьа дика болх бича, цуьнан бIаьргаш чохь хазахетар, ирс гича, цо ирсе йо со а.

- Юсупан кхаж баларан хIун бахьана ду?

ХIаъ, дуккха а бу иллиалархой а, хала бохку нах а. ХIунда къастийна Юсуп хоьтту ахь?

Юсуп чIогIа догцIена кIант ву. Цуьнгахь мел йолу харизма! Цхьа шатайпа бер ду иза. Дуьххьара иза сайна ган ма гиннехь, кхийтира со, суо цхьа цуьрриг а гал ца яьллийла, суна видео тIехь ма гарра хила а хиллера иза. Юсуп уллора вевзина, цуьнца къамеле ваьллачунна дагавуху иза. Цундела ас чIагIо йина, сайн кийрахь детталуш дог мел ду, ас лелор ву и кIант.

Суна кIордийна пиар ю боху къамелаш. Оцу «пиарна» а, «инстаграман ирсана» а тIехьа дерг цхьанна а ца го. Мел дукха проблемаш лаьтта цигахь, оцу доьзалан хIусамехь. ХIора денна цхьацца йоккхуш, ерзош, уьш луьстуш схьайогIу со.

Цхьанна а ца хаьа, юха а 7-чу классехь витинийла Юсуп. Шиннаш тIехь доьшуш хилла цо хIинццал схьа, цундела дан хIума а ца хилла тIаьхьавитина хилла.

- Дешарна букъ хIунда тоьхна хилла Юсупа?

- Деша йиш ца хилла Юсупан, цуьнан эгIазчу белшаш тIехь хилла 12 адам. Уьш кхабархьама буса сахиллалц иллеш бохуш, Iуьйранна школе ваха гIатта де а доцуш вуьсуш хилла.

Ас орцанаш а даьхна, дехарш а дина, дешаран министраллана хьалха а дош делла, айса Iуналла а латтор ду, Юсупах дала жоп а ду, тIейогIучу хенахь цо доьшур а ду баьхна, дехьаваккхийтира иза.

Юсупан боллу доьзал а лаьцна ас сайна тIе. ХIинца сайн офис чохь белхан накъосташца хиина Iаш ю со, хIорш теш бу-кх сан, хIинцца телефон тоьхна соьга Юсупа. Тахана Ноьвр-кIоштарчу Сбербанке иза вигийта Соьлж-ГIалара машен яхийтинера ас, Юсупна банкан карта даккхийта.

Шаьш динарг дуьйцуш, соьца зIенехь ву и ший а. Сан мел дукха болх бу хIинца бан безаш, хIетте а дерриг а дIа а теттина, Юсупан а, цуьнан доьзалан а гIуллакхаш кхочушдеш ю ас.

- Масала, хIун проблемаш?

- Гой хьуна, Юсупан нанас ша ялале хьалха банкера кредит эцна хиллера 250 эзар сом. Ткъа, хууш ма хиллара веллачун бахам а санна, цуьнан декхарш а бухабисинчарна тIехь дуьсу. Сайн адвокаташ а юкъа а озийна, и банкан декхаран бала а кочара баьккхиар ас. Ас дойу ахча, и доьзал жимма а паогIатчу, маьршачу хьелашка берзорхьама.

Къемат ирча хьал ду церан цIахь. Чухула девдда лелаш ду мукадехкий. Шаьш динчу, тIехь гоьнаш а йоцуш маьнгаш тIехь буьйшуш хилла уьш хIинццалц.

Суна ца лаьа вониг дийца оцу доьзалх, ас дуьйцург мел гIад дайна гIуллакх ду цигахь бохург ду.

ХIора баттахь ахча тосу ас царна, Юсуп ловзаргашкахь иллеш баха декхаре ца хилийта, цуьнан школе лела таро хилийта. Дешарна мел а чувоьлла иза хIинца. Кхааннаш а, диъаннаш а, пхеннаш а доху цо. Кхааннаш а ма ца дохура цо тоххара. Денна телефонехь ю со цуьнца, йиина вуй хьо, мелла вуй хьо, урокаш йиний хоьттуш.

Мел жимчу дегIехь ву иза, гIийла ву, жима ву шен 14 шаре хьаьжча.

ХIунда? ХIунда аьлча юучуьнца там хуьлуш ца хилла. Дуьйцуш томехь дацахь а, хIора баттахь юучунна олий, 50 эзар сом дохьуьйту ас ЮсупгIарна, кхи долу хьашташна дойург ца дийцича а. И дерриге а ас до, оцу кIанте иллеш ца бахийта цкъачунна. Цунна дихкина ма ду иллеш алар.

-Муха дихкина ду?

- Цуьнан йиш хала кхерам болу дела. Шен аз кху муьрехь лардан деза Юсупа! Ас ца боху сайн дуьхьа, Башкирин дуьхьа, я Оьрсийчоьнан дуьхьа а ца боху, Нохчийчоьнан а, цуьнан къоман а дуьхьа боху.

Москохара зIене бевллера соьца, шайн цхьана шоухь дакъалаца вуьгур вара аьлла. "Чеченфилм" компанин куьйгалхо Терекбаев Беслан а тIетеснера суна дехарш дайта. Ас аьтехьа ца магийра. Тайниг санна ловза а вина, охьатосур ву, шайн гIуллакх хилла даьлча. Школан юкъах а вер ву.

Оцу ялх баттахь цуьнан доьзал хьан кхобур бу боху ас. Ца хаьа боху, Юсуп меца вуьтур вац шаьш. Иза нохчо ву, боху ас, шен доьзал дIа а тесна, шуна дечиг-пондар лекха иза цкъа а вогIур вац, цуьнан деша деза, уггар хьалха.

Шина кIиранх лаьттира тхан дийцарш. Юсупан дас а дIахьединера, тхан дала жоп дац, Юлин карахь ду дерриг а аьлла.

-Кхане муха го хьуна Юсупан?

- ТIедогIучу шарахь цхьанхьа деша нисван везаш а ву сан иза, я Москох я Соьлж-ГIалахь. Иллеш лакха Iамор карадерзо а, вуьшта юкъара дешар Iамо а лаьа суна цо.

Шиннаш нохчин маттана а хIиттош ма хилла цунна. ХIа, оьрсийн мотт цахаар кIад а дац, шен ненан меттан хаарш а ма хилла цуьнан лахара.

Кеманца гоьнаш, гIайбанаш, цу тIе буьллу мотт а бохьуьйту ас. Цхьана Юсупна эцна ма ца Iа со, боллу доьзална латтабо. Юсупан цергашца проблемаш ю. Нохчийчуьрчу профессоршца бина барт бу сан, кестолгIа цига яхча хан яйа дезар ду сан оцу гIуллакхна а.

Оццул чуьра дуьйна йолу проблемаш а ерзош, шена пиар лоьху стаг хьийзар вуй иштта? ТIехула тIе сайн доьзал а ма бу сан, лелош бизнес ю, депутат хиларе терра, кхи декхарш ду тIехь. Нагахь эшахь а, кхузахь оьшура суна и пиар, цигахь ца оьшура.

РогIерчу харжамашна кечам бан безащ а ю со кхузахь, цул а атта дацара суна и туьйране сурт кхузахь хIоттийча. Ишта-м со кхузахь а хьожу нехан гIуллакхашка.

Пиаран дуьхьа лелачо и дерриге а луьстур дац. Ду похIма Юсупан, аз а ду. Нагахь цуьнан аз дайна хIума хилахь а, дIатосур вац ас иза.

- Хьайх дала жоп ду хьан? Тешна ю хьо хьайн ницкх тоьар бу аьлла?

- Сан дуккха а шераш ду, цундела сайх дала дош ду сан. Юсуп бахьана долуш наха суна тIе ца хьокхуш нехаш йитина а яц, цундела хIоразза а Инстаграме тоьшаллаш дохку ас, иштта ду, шуна ма моьтту дац, бохуш санна.

Сан цхьана доттагIчо элира соьга, хьо лартIехь юй, я яц моттуьйтуш ю хьо? Нехан берана оццул харжаш стенна йо ахь, аьлла. Нагахь хьо а сох тешаш вацахь, хьо кхето, тешо гIерташ ас хан йойур яц элира ас цуьнга.

Берехула Кадыровна тIекхача гIерта а боху…

Нагахь сайна иза уллора вевзаш хилча, суна ма доккха ирс хетар дара и. Ас даггара лоруш куьйгалхо ву иза. Тхан республикехь тIемаш а ца хилла, хIетте а тахана а дуккха а ду нисдан дезарг. Ткъа Кадыровс 13 шарахь боллу мохк юхаденбина.

Бюрократи а яц Нохчийчохь. Масала, тхан махкахь бер кхечу классе дехьадоккхуш хилча, тоьшаллаш оьшу и бер Iовдал а дац, цуьнан бакъонаш а ю, цуьнца ларам хила а беза аьлла.

Уфахь хиина Iашшехь дIа телефон тоьхча, гIуллакх дира сан Нохчийчохь. ТIаккха муха йоккхаюьйр яц со Кадыровх?

- Хьан инстаграмерчу агIон тIехь дуккха а суьрташ ду Нохчийчуьрчу хьаькамашца цхьана даьхна. Дац сурт Кадыров Рамзанца. Цуьнца цхьанакхетар ца хилла хьан я сурт дац?

- Цкъа делахь, и ган Iалашо хьалхаяьккхина лелаш яц со. ШолгIа делахь, сурт хилча а, ас гучудоккхур дацара аьлла хета суна.

Шун махкахь суна твориг хIун ду, менталитет кхи хилар, адамаш диллина, сирла, къехкаш цахилар. Муьлхачу а хьаькамца дIа а хIоьттина сурт даккхийта мегаш ду. Хьаьнца а дIа а хIоьттина сайца сурт даккхийтархьама ас беза мах бу луш. Бац и мах ахчанца, и мах бу сан диллина дог, сан безам, ларам, ас мел дийриг а.

Гой хьуна, Нохчийчоьнан Пардаментехь депутат охьахаа лууш а яц со, коммерцин интересаш а хуьлийла а дац, Кадыровга маре яха гIерташ а со яц, цуьнан шен доьзал бу, хIусамнана а йолуш ю. Со кхечу къомах а ю, кхечу динехь а ю. ТIаккха а сох цатешаш, буй соьгара баккха бехк?

- Ахь Юсупан дуьхьа мел дийриг эрна хиларна, цо хьо юьхьIаьржа хIотторна ца кхоьру хьо?

- Iаламат доккха доьналла ду Юсупехь. Нагахь санна иза сайна горгам хеттехь, айса дийриг жимма лахдийр дара ас. Амма цо тешийна со шех. 14 шо бен доццушехь, хьекъал а, синкхетам а бу цуьнгахь. Сан массо а доттагIна дагавоьхна иза, сан нана йилхира цо илли олуш хезча. Иштачу адамо ямартло гойтур яц. Ткъа ас, ас гIо дийр ду цунна некъах ца тилийта.

Дела денна видеозIе латтайо ас цуьнца, шен школан дневник гойту цо суна, ша динарг дуьйцу. Нохчийчохь Юсупан хьехархошца а ма тасаделла сан гергарло, школан директорна а делла ас дош, айса терго йийр ю аьлла.

Ас тIех качво бохуш, юьхьанца цхьа цатешамца гонах хьийзара цу школан хьехархой. Амма къамелаш деш 20 минот яьллачул тIаьхьа, со дикка евзира царна. Хьоьца сурт даккхийта мегий шаьш аьлла, йоллу школа схьа а гулъелла, суьрташ дехира оха.

Цо а ма гойту, церан сох бIоболар. Бераш а, хьекъал долу стаг а цхьаьнга а Iехалур вац. Амма диван тIе а хиина, тефонна тIе пIелгаш а детташ, ша хиинчуьра хьалагIатта а карах ца долуш волчунна аьлла хетар ду, кхо хIун леладо, телханчу стага, Нохчийчу а еана, и бер схьа а карийна, цунна гонах хьийзачу.

Нагахь санна, сан дахарехь кхи а Юсуп санна сан дагах кхеташ адам карадой, хуьлийла иза узбек, хуьлийла иза монгол, бен дац суна, муьлхачу къомах иза хилахь а, суна везар ву иза а.

Кхи цхьа хIума а дара сан тIетоха, шен дахарехь цхьа вон ца деана, ца лайна стаг цкъа а кхетар вац кхечун лазамах. Ша проблемаш лайна стаг вацахь, цунна бен-башха дац нахана тIе вон дарах.

(эххар а елхар иккхира Юлин)

ХIун ду цигахь ца кхеташ? Массара а ма хьийзайо со шайн шеконашца!

Яккхий хъаржаш а еш, кеманаш хоьхкуш, отелашкахь ахчанаш дойуш лелачу аса хIун пайда лоьху сайна?

- КестолгIа Нохчийчу яха дагахь юй хьо Юсуп ган?

- Iаьнан школера мукъаволчу хенахь иза Уфа схьавало дагахь ю со.

СадаIа, самукъадаккха меттигаш кIезиг бу Нохчийчохь. Паркехь хилла тхо, спортан латаршкахь хилла, футболе а дахара, кхи меттигаш бац цигахь.

Кхузахь цу хенахь даккхий лайш хуьлу дехкина. Говрашкахь хьуьнчухула лела таро ю, салазаш хехка меттиг бу. Уралан лаьмнашка даха а мегар ду, ког салазаш хахка Iамор ву ас Юсуп. Сан шина кIантаца цхьаьне хан дIахьур ю оха.

14 шо кхаьчча паспорт даккхийтина ас Юсупна, хIинца кхечу пачхьалкхе воьдург а даккхийта гIайгIа а бийр бу.

ТIаккха дуьйцу, ас иза гуттаренна а сайна кхуза схьавалийна бохург.

Тайниг ма яц иза. Буобер иза хилча а, могуьйтур дац суна иза шун махкара араваккха. Цхьа метишка а еана, нохчийн буобер дIадигина бохуш дийцийтар махкана эхье ма ду.

Юсупан дега ас дIахьедина, ахча гулдан а ца гIерташ, хецца юучунна дIадохка аьлла.

Юсуп мел ву со хир ю, со мел ю церан ахча а хир ду.

Иштта ду-кх!

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG