1,8 млрд сом мах болу контракташ елла Кадыровн фондан компанина

Кадыров Рамзан

Кадыров Ахьмадан цIарх фондан долахь йолчу "Мегастройинвест" гIишлошъяран компанина елла 2020-чу шеран Дечкен-баттахь а, Чиллан-баттахь а 1 миллиард 783 миллион сом мах болу пачхьалкхан 14 контракт, хаам бо "МБХ медиа" зорбан гIирсо.

И ерриг гӀишло яран тӀелацамаш компанина белла Нохчийчуьрчу гIишлошъяран а, коммуналан бахаман а министралло. Уьш йоьзна ю Соьлж-ГIалахь магистралан хин биргIа хийцарца а, школаш а, берийн бешаш а, поликлиникаш а ярца а, некъаш тодарца а.

"Кавказ.Реалиино" хаам барехь, Кадыровн цIархчу фондан ю бохучу дукхаха йолчу проекташна, ма-дарра аьлча, ахча луш дара бюджетера.