Жигархой луьттуш ю ГIалгIайчоь: политика дуьхьалъетта лидершна

Пейсахова Анна

ГIалгIайчохь ницкъхошкахула луьттуш, лоьцуш бу нах юха а.

ДIадахначу кIиранах коьртачу шахьарахь а, массех юьртахь а хьийсина нехан хIусамех. Протесташца доьзна лаьцна вигина пхи стаг – Магасерчу гуламехь стохка, Зазадоккху-беттан 26-27-чу деношкахь полицина дуьхьалояр толлуш, махкара жигархой зуьйш ду Iедал.

Деношкахь лецнарш бу Нальгиев Рашид, Чахкиев Ахьмад, Дугиев Ахьмад, кхин а ши жимстаг.

Нальгиевн адвоката Мишаев Мухтара “Кавказ.Реалиига” дийцарехь, гIалатбевлла Нальгиев лаьцнарш, полицехь дукха ца латтош, дIахецна иза.

Полицерчу хьостано бахарехь, дIахецна Дугиев Ахьмад а, кхин ши стаг а (церан цIерш ца йоху цо).

Чахкиевн адвоката Хаджиев Руслана дийцарехь, цуьнан клиентана бехкедо полисхойх латар. Деза зулам лору иза, оцу бахьаница изоляторехь латтош ву Чахкиев Ахьмад.

КХИН А ХЬАЖА: ГIалгIайн лидерийн юкъаралла дIакъовлар тIедиллина прокуратурано

«Фортанга» порталан редакторна Евлоева Изабеллина хетарехь, керлачу лецарша некъ боьллу Iедалхошна чубоьхкина кхобу жигархой кхидIа а гIелонехь латто. Буьйцурш бу «экстремистийн го кхолларна» кхеле ийзош болу протестхой-лидерш: Нальгиев ИсмаьIал, Барахоев Ахьмад, Чемурзиев Барах, Саутиева Зарифа, Мальсагов Муса, Ужахов Малсаг.

“ ГIалгIайн лидершна дуьхьал шаьш айдина гIуллакхаш керлачу материалашца чIагIдан герта талламчаш, латийна цIе марсаяккхархьама. Цундела юкъ-кара вуьгу цхьаъ-шиъ вахархо, уьш кхин оьшуш а бац талламчашна, оьшуш хиллехь, лецна хир бара тоххара», - боху Евлоевас.

Лецна латтораш кхидIа а изоляторшкахь битар дехна деношкахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Къилбаседа Кавказерчу урхаллин з-чу декъехь уггар кхераме гIуллакхаш луьстучу талламчас Нарыжный Евгенийс, хаамбо журналиста.

«Ас дешна цо кечдина и дехар. Талла дезаш дуккха а хIуманаш хиларца дузу цо шен дехар. Гарехь, леца безаш бисина цуьнан кхин а нах. Дуккха а ю митигехь яьхна видеош, цара бух лучух тера ду талламна кхидIа а нах леца», - аьлла хета Евлоевана.

Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний доза къастош, республикийн куьйгалхоша хIиттийначу докуметашна дуьхьал протест айира Магасерчу гуламо. Iедалхоша шайлахь доза къастор нийса дац, Нохчийчоьнехьа бина сацам, гIалгIайн къоме референдумехула хатта деза лаьттаца дерг, бохура гуламе бевллачу жигархоша.

Стохка Зазадоккху-беттан деношкахь иккхина и протест ницкъаша яйа йолийра Iедало. Бутт балале лийцира протестан лидерш. 30 сов вара полицина дуьхьаллатарна жоьпе озийнарг. Царех цхьаберш бевлла шайна кхайкхийна хенаш текхна.

Бакъоларъечу “Мемориал ” центран ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочунна Акиев Тимурна логика ца го талламчаша лецначарна дуьхьал бечу белхан: «БIаьрзечо лелориг ду цара лелориг. ДIалоцу пхи-ялх стаг, шаьш галдевллера, олий, юха дIахьоьцу уьш. Ма-хуьллу дукха нах леца Iалашо йолучух тера ду. «Протестана бухахь политика а ю, цуьнан жигархой цхьана юьстахарчу ницкъо арабаьхна а лела» ала гIертачух тера ду Iедал», - боху Акиевс.

КХИН А ХЬАЖА: Европан кхеле бевлла гIалгIайн жигархой

Амма Ставропол-махкарчу Железноводск гIалин кхело дерзош ду шега делла девнаш – уьш ду ткъа сов. Цигарчу кхелахоша ца бузу гIалгIайн жигархойн бехк политиках, билгалдаьккхира бакъоларъярхочо.

“Ткъа иза ца догIу талламчаша дагалаьцначуьнца, царна оьшург кхин ду – протестхошлахь иерархи а яра, цхьанабертахь Оьрсийчоьнан низамаш дохон арабевлла а бара уьш бохург тIечIагIдан гIерта талламчаш. Ткъа кхело йохош лаьтта талламчийн Iалашо – иза йоьхча, бехкалара баха бен ца дуьсу гуламан лидерш, политика дIайолу девна бухара, жигархой дIахеца безар бу тIаккха», - тешна ву Акиев.