Бусалба динца йоьзна литература юхкучу туьканашкахь талламаш бина Нохчийчохь

Оьрсийчохь лелачу низамаша йихкина литература лохуш бусалба динца йоьзна книгаш юхкучу туьканашкахь талламаш бина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Ножай-Юьртан кIоштарчу декъан белхахоша. Цунах лаьцна хаам бо, Грозный-информ агенталло, цу декъан хьаькамна Чалаев Мурада тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, "экстремизман литература а, дIасаяржор дихкина аудио а, видео а материалаш" туьканашкахь ца карийна полисхошна.