Трампа дIахьедар динчул тIаьхьа 5 % дазделла мехкадаьтта

Мехкадаьттан мехаш пIераскан сарахь 5 процентана хьаладевлла Американ президенто Трампа Доналда КIайн ЦIийнехь зорбан конференцехь Цхьаьнатоьхначу Штатийн энергетикан министралла къоман стратегин тIахьлонна мехкадаьтта оьцур ду аьллачул тIахьа.

И дIахьедар дина Трампа мехкадаьттан мехаш охьадовлуш а долуш. Цхьана кIиранах мехкадаьтта дайделла 24 сов процентана. Оццул дайделла дацара мехкадаьтта тIаххьара дуьненан кризис хиллачул тIаьхьа.